Иран

Иран

Иранан Исламан РеспубликаДжомхӀури-́йе Эслɒми́-йе Ирɒ́н), доца — Иран, ГӀажарийчоь — Хьалхара Азера пачхьалкх ю, коьрта гӀала — ТехӀеран ю.


Йоза хаар

Йоза хаар

Йоза хаар — адаман шен маттахь язда а, деша а хаар. Статистикехь йоза хууш лоруш ву массо а стаг, шен дахарех лаьцна йоца текст язъя а, деша а, кхета а хууш верг.


Шотландийн мотт

Шотландийн мотт

Гэлийн мотт — шотландийн къоман мотт. Иза гойделийн тобан йукъа богӀу. Мотт буьцучера дукхалла 87 000 адам.


Зуда

Зуда

Зуда — стен адам. «Зуда» дашо билгала доккху хенан доккха адам, ткъа бера йа жимхо билгалбоху «йоI» йа «йоI стаг» дешнаша. Цхьацца меттигашкахь «зуда» дош леладо хене а ца хьоьжуш массарна а, масала «зударийн бакъонаш» хьехош. «Зуда» дашо кхин а билгалйаккха тарло, адаман стен-боьршалла, гендеран идентификаци. Зудчо кхиина йаьллачул тIаьхьарчу муьрера менопауза хиллалц бера дан тарло, иза накханах дузо, тIаккха а цхьаболу зударий — масала, бера ца хуьлу, трансгендераллин а, интерсекс-зударшка а — иза ца дан ло.


Къилбаседа сото

Къилбаседа сото

Къилбаседа со́то — банту тобан йукъара мот ат, сото-тсвана бухара тобан йукъара а, мотт мадарра аьлча баьржина бу Къилба-Африкин Республикехь, кхин сото-тсвана олучу ареалан къилбасехь а, малхбалехь а.


ШолгӀа дуьненан тӀом

ШолгӀа дуьненан тӀом

ШолгӀа Дуьненан тӀом- 1939-1945-чу шерашкахь литтина глобалан тӀом бу. Ерриг яккхий мехкаш а чулоцуш, тӀамехь дакъалоцуш яра дукхаха йолу дуьненан пачхьалкхаш а, цара ши дуьхьаллаьтташ йолу тӀеман Берташ кхоьллира. Цхьана агӀор- Гитлеран дуьхьал йолу коалици яра, вукха агӀор- «семанан» пачхьалкхаш а яра. Ткъе итт сов пачхьалкхера бӀе миллион сов стаг юкъавогӀуш а, массо а декъахь волу тӀеман хьолехь, коьртачу декъашхоша адамийн а, тӀеман а гӀирсийн юкъахь башхалла ца йеш, шайн экономикин а, индустрийн а, Ӏилманан нуьцкъалла девнан гӀуллакхе тӀеберзийра. 


Литвахойн мотт

Литвахойн мотт

Литвахойн мотт — литовхойн мотт бу.


Шеран заманаш

Шеран заманаш

Шера́н за́манаш — шеран гуонехь билгалдоккху дакъа.


Непалийн мотт

Непалийн мотт

Непалийн мотт — Непалан пачхьалкхан коьрта мотт.


Дийцар

Дийцар

Дийцар — стеган дахарх цхьаъ ду, наггахь масех а гӀуллакх гойтуш йолу жима эпосан произведени йу.


Метр

Метр

Метр — Дуьненайукъара барамийн системан (СИ) дохаллин дустаран барам, СИ коьрта барамех ворхӀаннах цхьаъ. Иштта бу дохаллин барам, йукъабоьду коьртачу барамашна МКС, МКСА, МКСК, МКСГ, МСК, МКСЛ, МСС, МКГСС, МТС системашкахь. Цул сов, массо а хьахийначу системашкахь метр — барам бу техкаран хьекхадалар коэффициентан, тулгӀенийн йохаллин, паргӀата дадаран дохаллин, некъан оптикан бохаллин, фокусан йукъаметтиган, комптонан тулгӀенан йохаллин, де Бройлан тулгӀенан йохаллин, барамаллин кхечу физикин барамийн.


Италийн Википеди

Италийн Википеди

Италийн Википеди — италийн маттахь долу Википедин дакъа. Болх бан йолаелла 2001 шерахь. Тахана Википеди чохь бу 1 827 610. Массо нисдарийн дукхалла 135 290 562.


Чаккхарма

Чаккхарма

Чаккхарма — нохчийн йохаллин дустаран барам, цунна чохь ю пхи бӀе сажа йа цхьа эзар пхи бӀе аьрша.


Лагос

Лагос

Ла́гос — Нигерин порташ йолу гӀала, пачхьалкхан уггар йокха гӀала. Бахархойн дукхалла 7 миллион стаг метрополиехь 13 000 000 стаг, Лагос йу бахархойн дукхаллица КъахӀирал тӀехьа Африкин шозлагӀа меттигехь йолу гӀала.


Лелорхо

Лелорхо

Лелорхо, лелонча — билгала функцеш кхочушйан лелаш йолу система лелош волу стаг йа организаци.


Чоь

Чоь

Чоь — Чоь олу нохчийн маттахь адам чохь lаш долучу цlина чоьнах. Ишта адамаш чохь lачу махках олу чоь, Нохчийн чоь.


ГӀала

ГӀала

ГIала, Шахьар — бахархойн барамца, бахархойн мукъа ца хиларийн, географин, экономикин, историн, оьздангаллин маьIна долу амалца йогIу статус лоруш нах беха меттиг,. Нах беха меттиг гIала лоруш низам, массо а пачхьалкхехь хIоттайо законашца. Уггаре алсама нах беха меттигах гIала йийриг: лору дукха хьолехь 1-2 эзар стаг, амма цхьацца меттигашкахь хила тарло 100 стаг а 50 эзар стаг а.


Керла Зеланди

Керла Зеланди

Керла Зеланди — гӀайре пачхьалкх ю. Коьрта гӀала Веллингтон.


Йуккъера Африка

Йуккъера Африка

Йуккъера Африка — географин регион, Африкин малхбузехьара дакъа, лаьтта экваториалан а, субэкваториалан а асехь, цуо шена чулоцу шуьйра чӀопа йолу Конгон чутаӀе, малхбузехьа Атлантикин Ӏапказан а, Гвинейн айман а бердйисташ йу, къилбаседехьа йукъахь бу Азанде чӀаплам, къилбехьа — Лунда плато цуьнца болу Анголин чӀаплам а. Малхбалехьа регион чекхйолу Малхбален-Африкин рифтан системин Малхбузехьара гаьннашца.


Мини-футбол

Мини-футбол

Ми́ни-футбо́л — оьрсийн мотт буьйцучу мехкашкахь ФИФАн Футза́лан шуьйра яьржина цӀе — къийсамаш ФИФАн эгидехь дӀахьо футболан тайпанех цхьа командин спортан тайпа.


Фултон

Фултон


Фултон — Америкин Цхьаьнатоьхна Штатийн Миссури штатера гӀала.


Волейбол

Волейбол

Волейбо́л — спортан тайпа, командан спортан ловзар, ловзарехь ши команда къовсало бойца екъна йолу башха майданахь, буьрка дуьхьала болчеран агӀо хьажийна, иза церан майдан чу йожийта Ӏалашо йолуш цӀенкъанах а хьакхалуш, я дуьхьала йолчу командан ловзархочо гӀалат даккхийта Ӏалашо йолуш. Цу тӀе атака ян цхьаьна командан ловзархошна кхузза бен буьрканах хьакхабала ца мега.