Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт

Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин
С. А. Герасимовн цӀарах институт
(ЕПКИ)
Логотипан сурт

Вильгельм Пикан урам тӀера, 3-гӀа цӀа чуьра ЕПКИн коьрта дешаран корпус (2008 шо)
Дацдар ЕПКИ
Хьалхара цӀе Пачхьалкхан кинематографин ишкол
(1919—1930)[1],
Пачхьалкхан кинематографин институт
(1930—1938),
Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институт
(1938—1986),
Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт
(1986—1992),
Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт
(1992—2008)
Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах университет
(2008—2015).
Кхоьллина шо 1919 шеран 1 сентябрехь
Тайпа федералан
Ректор Малышев Владимир
Лаьтта меттиг  Росси
Метро Ботаникин беш
Юридически адрес 129226, Москох гӀ., Вильгельм Пикан ур., цӀа 3.
Сайт https://vgik.info
СовгӀаташ Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденДоттагӀаллин орден (Вьетнам)Республика Эрмалойчоьнан Оьздангаллин министраллин Дешин мидал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Гера́симовн цӀарах институ́т (ЕПКИ) — Российн Федерацин лакхара а, лдмал тӀаьхьара говзаллин дешаран а федералан пачхьалкхан дешаран бюджетан кхоллам[2], кхоьллина 1919 шеран 1 сентябрехь Москохахь. Российн Федерацин Оьздангаллин министраллин куьйгакӀела ю[3].

2004 шеран майхь дуьйна ЕПКИс кхочушйо иштта юккъера говзаллин дешаран программа [4].

Институто кечбо кинематографин, телевизионан, видеон, кхин экранан говзаллин кхоллараллин областера говзанчаш. ЕПКИн аспирантурехь кечбо Ӏилманан а, хьехархойн гӀуллакхан говзанчаш[3][5].

2013 шеран 15 апрелехь институт дӀатуьйхира Российн Федерацин къаьмнийн башха мехала оьздангаллин тӀаьхьенан объект, йукъатуьйхира Российн Федерацин къаьмнийн башха мехала оьздангаллин тӀаьхьенан объектийн пачхьалкхан гуламан[6].

Истори

1919 шеран 1 сентябрехь Москохахь кхоьллинера дуьненахь дуьххьарлера Пачхьалкхан кинематографин ишкол [1], иза яра Советийн майданан а, Тверан ураман а сонехь долу цӀийнан долахь хиллачу квартирин шина чохь. Хаьржира дуьххьарлера оцу хенахь кинонатурхойн (оцу хенахь иштта олура актёрех) пхьолгӀе студенташ. Уьш Ӏамабора эмоцин пластике, хелхаре, бӀаьца къаьсташ хиларе, фехтование, акробатике, дегӀ кхиоре, синхааман гимнастике. Дешаран аппаратура яцара, студентийн роль ловзо дезара киноэкран кеп хӀотто нисбен барамца болу гуранан тӀехьа.

1923 шарахь киноишколехь дӀайиллира киноинженерийн (кинооператорийн) факультет, 1924 шарахь — пхьолгӀанаш: режиссёрийн а, мультипликацин фильман а. 1925 шарахь ишколах йира Пачхьалкхан кинематографин техникум (ПКТ).

Пачхьалкхан киноишколан дуьххьарлерачех хьехархой бара Туркин Валентин (киноишколан куьйгалхо), Гардин Владимир, Кулешов Лев, Тиссэ Эдуард. 1928 шарахь кхузахь хьеха волавелира, 1948 шо кхаччалц ЕПКИхь болх бина волу Эйзенштейн Сергей. 1940 шарахь ЕПКИн коьртехь хӀоьттира Файнштейн Давид, 1941 шарахь фронтехь вела волу[7].

1930 шеран 5 августан ВСХВ омарца Пачхьалкхан кинематографин техникумах йира Пачхьалкхан кинематографин институт[1].

1938 шеран 17 майхь дуьйна — Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институт (ЕПКИ)[1].

1930—1938 шерашкахь институто дӀалецира Ленинградан проспектера ресторан «Яр» чохь хилла гӀишло. Цул тӀаьхьа цхьаьна хенахь лаьттира хӀинца М. Горькийн цӀарах киностуди йолу гӀишлон чохь. ЕПКИн гӀишлон проект ян йолийра 1938 шеран сентябрехь, институтан аудитореш а, кхин чоьнаш а лерина яра 750 ладогӀархочуьнна. ГӀишло ян билгалъйаьккхира Кинохроникин студин (Ростокино) майдан тӀера меттиг. Институтан корпус ян гӀертара цхьа архитектурин комплекс санна керла студин гӀишлонца цхьаьна. 1950-гӀа шераш долалуш Вильгельм Пикан урамера, № 3, адресца долу аьтту агӀора дакъа дина делира, ткъа 1955 шарахь ЕПКИ чеккхенца дехьаелира керла гӀишлонан дешаран аудиторешка. Кинош йоху павильонаш кхин а масех шарахь лаьттира М. Горькийн цӀарах киностудин гӀишлонан чохь; студенташ Ӏара йукъара дахаран гӀишлошкахь, уьш лаьттара гӀалин тайп-тайпанчу кӀошташкахь; 1978 шарахь 16 тӀегӀа а йолуш керла йукъара дахаран гӀишло йира Галушкин Борисан урамехь, 7-гӀа лоьмар йолуш.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш 1941 шеран чеккхенгара 1943 шеран май кхаччалц, ЕПКИ «Мосфильмца» а, «Ленфильмца» а киностудешца цхьаьна кхалхийра Кхазакхийн ССРн коьртачу шахьре Алма-Ате, цигахь Алма-Атин кинотехникуман базин тӀехь советийн кинематографан кадрийн кечам дӀабаьхьира[8][9].

1970—1980-гӀа шерашкахь институтан ректор хилла В. Н. Ждан.

1986 шеран 5 февралан ССРС Министрийн кхеташонан сацамца Ерригсоюзан пачхьалкхан кинематографин институтана елира гӀараваьллачу советийн кинорежиссёран Герасимов Сергей Аполлинариевичан цӀе[1].

СовгӀаташ

  • Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орден[1].
  • 2009 — ДоттагӀаллин орден (Вьетнам) (Социалистийн Республикин Вьетнаман (СРВ) Президентан 2009 шеран 1 ноябран № 1612 йолу сацам) — кинематографин сферин белхалойн масех чкъор кечдаран а, Вьетнаман а, Российн а йукъара доттагӀаллин йукъаметтигаш чӀагӀярехь, цхьаьна гӀуллакхаш дарехь жигара дакъа лацарна[10].
  • 2014 — 2014 шеран 4 мартехь Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институт къоман кинематографин 2013 шеран «Ника» совгӀатан лауреат хилира башха «Кинематографин Ӏилманехь, емаллехь, дешарехь дакъа лацарна» номинацехь [11].

Нумизматика

2019 шеран 28 августехь Российн Банко «Ерригроссийн пачхьалкхан кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах институтан 100 шо кхачарна» арахецна 3 соьман мехалла долу иэсан детин нахарт[12].

Хьажа кхин а

  • Кинодешар
  • Москохан киновидеоинститут
  • Петарбухан пачхьалкхан кинон а, телевизионан а институт

Билгалдахарш

  1. 1 2 3 4 5 6 Устав ФГОУ ВППО «Всероссийский государственный университет кинематографии имени С. А. Герасимова» (утверждён приказом Министерства культуры Российской Федерации № 544 от 1 июня 2011 года). // vgik.info
  2. Приказ Федерального агентства по культуре и кинематографии от 26 марта 2008 года № 151 «Об утверждении нового наименования, внесении изменений и дополнений в Устав федерального государственного образовательного учреждения высшего и послевузовского профессионального образования „Всероссийский государственный институт кинематографии имени С. А. Герасимова“». Архивйина 2015-09-23 — Wayback Machine Правовой портал в сфере культуры // pravo.roskultura.ru
  3. 1 2 ВГИК: Официальная информация  (оьрс.). vgik.info. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 13 сентябрь.
  4. Колледж кино, телевидения и мультимедиа (бил-боцу.). vgik.info. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 26 декабрь.
  5. Всероссийский пачхьалкхан институт кинематографин.(ТӀе цакхочу хьажорг) Сайт «Мегаэнциклопедия Кирилла и Мефодия» // megabook.ru
  6. Об отнесении федерального государственного бюджетного образовательного учреждения высшего и послевузовского профессионального образования "Всероссийский государственный университет кинематографии имени С.А.Герасимова" к особо ценным объектам культурного наследия народов Российской Федерации, Указ Президента РФ от 15 апреля 2013 года №360 (бил-боцу.). docs.cntd.ru. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 декабрь.
  7. Василий Макарович Шукшин, И. А. Коротков, Е. В. Огнева, Валерий Фомин, Государственный музей истории литературы, искусства и культуры Алтая. Василий Шукшин--жизнь в кино. — Гос. музей истории литературы, искусства и культуры Алтая, 2009. — 360 с.
  8. ВГИК на берегу Алма-Атинки - статья издания "Московский комсомолец" в связи с "Днями ВГИКа в Алматы" (бил-боцу.). vgik.info. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 26 декабрь.
  9. Всероссийский государственный университет кинематографии имени С.А. Герасимова  (оьрс.). ТАСС. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 26 декабрь.
  10. Хонг Куан. ВГИК имени С. А. Герасимова награждён Орденом Дружбы Вьетнама (бил-боцу.). Иллюстрированный журнал «Вьетнам» (2009 шеран 10 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2011 шеран 25 март. Архивйина 2012 шеран 26 июлехь
  11. Лауреаты Национальной кинематографической премии «НИКА» за 2013 год (бил-боцу.). Ника. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 26 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 14 апрелехь Архивйина 2015-04-14 — Wayback Machine
  12. Выпускается в обращение памятная монета из драгоценного металла (бил-боцу.). Банк России. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 декабрь.

Хьажоргаш

ЕПКИ:
  • Медиафайлаш Викилармехь
  • Официальный сайт
  • Биографии и справки. Всероссийский государственный университет кинематографии имени С. А. Герасимова (бил-боцу.). Информационное агентство России «ТАСС». — Опубликовано к 95-летию 1 сентября 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 18 декабрь.
  • Всероссийский государственный институт кинематографии. Сайт «Мегаэнциклопедия Кирилла и Мефодия» // megabook.ru
  • ЖЖ-йукъараллаvgik — сообщество «ВГИК и ВГИКовцы» в «Живом журнале»
 ХӀокху кепе хьажар  Викихаамашкара элементе хьажа
  В социальных сетях
  • ВКонтакте
  • Facebook
  • Instagram
Фото, видео и аудио
  • YouTube
Тематикийн сайташ
  • Internet Movie Database
Дошамаш а, энциклопедеш а
  • Большая китайская
  • Большая российская
  • Britannica (онлайн)
Библиографин каталогашкахь
  • eLibrary.ru: 2917
  • LCCN: no2014144211
  • NKC: ko2018985968
  • SUDOC: 165833092
  • VIAF: 242825119
  • WorldCat VIAF: 242825119
⛭
Шапочка Москохан Лакхара дешаран меттигаш
Пачхьалкхан ЛДМаш
Университеташ
— къоман талламан, — медицинин, — ницкъаллин структурийн
  • Москохан М. В. Ломоносовн цӀарах МПУ
  • Авиацин МАИ
  • Автомобилан-некъан МАНИ
  • Аграрийн К. А. Тимирязевн цӀарах РПАУ-МЮьБА
  • ТӀеман ДМ ТӀУ
  • Геодезин а, картографиин а МИГАКИ
  • Губкинан мехкдаьттан а, газан а РПУ (ӀТУ)
  • Гуманитарин-экономикин МПГЭУ
  • Гуманитарин РПГУ
  • Гуманитарин Ӏилманийн ПАГӀУ
  • Дизайнан а, технологин а А. Н. Косыгинан цӀарах РПУ
  • Къаьмнийн доттагӀаллин РКъДУ
  • Лингвистин МПЛУ
  • Российн ЧГ/М В. Я. Кикотян цӀарах МосУ
  • Медико-стоматологин А. И. Евдокимовн цӀарах МПМСУ
  • Дуьненайукъара йукъаметтигийн Российн АГӀМ МПДЮИ
  • Медицинин Н. И. Пироговн цӀарах РКъТМУ
  • Хьехархойн (гӀалин) МГӀХьУ
  • Хьехархойн МХьПУ
  • Мохкбиекъаран ПМУ
  • Политехникин МПУ
  • Бакъонан суьдан РПБСУ
  • Прокуратурин РФ ПУ
  • Психологин-хьехархойн МППХьУ
  • Сеченовн Хьалхара МПМУ
  • Социалан РПСУ
  • ГӀишлошйаран ӀТУ МПГӀУ
  • Техникин Н. Э. Бауманан цӀарах МПТУ
  • Техникин (гражданийн авиацин) МПТГАУ
  • Техникин (зӀенан а, информатикин а) МТЗИУ
  • К. Г. Разумовскийн цӀарах технологийн а, урхаллин а МПТУУ (ПКУ)
  • Технологин (радиотехникин, электроникин, автоматикин) РТУ МИРЭА
  • Технологин (болатан а, лаламан а) ӀТТУ «МБЛИ»
  • Технологин (станкоинструменталан) МПТУ «СТАНКИН»
  • Транспортан РТУ (МТИИ)
  • Урхаллин (гӀалин) МПУУ
  • Урхаллин (пачхьалкхан) ПУУ
  • Физикин-техникин МФТИ
  • Физикин оьздангаллин, спортан, кегийрхойн, туризман РГФОьСКТУ (ГЦОЛИФК)
  • Финансийн ФУ
  • Химин-технологин Д. И. Менделеевн цӀарах РХТУ
  • Экономикин ӀТУ ЭЛИ
  • Экономикин Г. В. Плехановн цӀарах РЭУ
  • Электронан техникин ӀТУ МЭТИ
  • Энергетикин ӀТУ «МЭИ»
  • Юридически О. Е. Кутафинан цӀарах МПЮА
  • Юстицин ЕПЮУ (Российн Минюстан РБА)
  • ХӀоьънан КъТХӀУ «МИФИ»
Академеш
  • С. Андриякин акварелан а, исбаьхьаллин говзаллин а
  • Архитектурин институт
  • Ветеринарин медицинин а, биотехнологин а (МВА К. И. Скрябинан цӀарах)
  • Арахьара махлелоран
  • Хинан транспортан
  • РФ ТӀН Инарлин штабан тӀеман академи
  • Дуьхьалонан министраллин ТӀеман академи
  • СӀРЭ тӀеман Петр Сийлахьчун цӀарах академи
  • ЧХьМ пачхьалкхан цӀеран дуьхьала гӀуллакхан
  • ЧХьМ гражданаш Ӏалашбаран
  • АГӀМ дипломатин академи
  • Сурт дилларан, сурт даран, архитектурин И. Глазуновн цӀарах
  • Долара интеллектан
  • Музыкин ГнесингӀеран цӀарах
  • Халкъан бахаман а, пачхьалкхан гӀуллакхан а
  • РФ ТӀН Йукъараэскаран академи
  • ФКхГӀ дозанан академи
  • Талламан комитета
  • Башха говзаллийн академи
  • Таможенин
  • ЧГӀМ урхаллин
  • ФКхГӀ
  • Хореографин
  • Хоран говзаллин В. С. Поповн цӀарах
  • Исбаьхьаллин-промышленни С. Г. Строгановн цӀарах
  • Институташ
    • Исбаьхьаллин В. И. Суриковн цӀарах академин
    • Кинематографин С. А. Герасимовн цӀарах
    • Оьздангаллин
    • Литературин А. М. Горькийн цӀарах
    • Музыкин-хьехархойн М. М. Ипполитов-Ивановн цӀарах
    • Туризман индустрин Ю. А. Сенкевичан цӀарах
    • Музыкин А. Г. Шниткен цӀарах
    • ФКхГӀ дозанан институт
    • Оьрсийн меттан А. С. Пушкинан цӀарах
    • Театран говзаллин
    • Театран М. С. Щепкинан цӀарах доьшийла
    • Театран Б. Щукинан цӀарах
    • МИАТ Ишкол-студи
    • Долара бакъонан ишкол
    Консерватори
    • П. И. Чайковскийн цӀарах консерватори
    Филиалаш
    • Туризман а, хьошаллин а институт — РПТСУ филиал
    Пачхьалкхан йоцу ЛДМаш ( — синмехаллин)
    Университеташ
    • Европин бакъонан университет JUSTO
    • Гуманитарин
    • Дуьненайукъара
    • Дуьненайукъара маьрша экологин-политологин
    • Москохан психологин-социалан университет
    • Православин сийлахь Иоанн Богослован
    • Православин Свято-Тихоновски гуманитарин
    • Российн керла
    • Финансийн-промышленностан («Синергия»)
    • Финансийн-юридически
    Академеш
    • Гуманитарин-техникин
    • Къинхьегаман а, социалан йукъаметтигин а
    Институташ
    • Инжилан-динан сий. ас. Андрейн
    • Пачхьалкхан а, корпоративан урхаллин а
    • Реставрацин говзаллин
    • Дуьненайукъара бизнесан лакхара ишкол (МИРБИС)
    • Российн экономикин ишкол
    • Свято-Филаретовский православин-керсталлин
    • ХӀокху заманан говзаллин
    • Социалан-гуманитарин
    • Социалан-хьехархойн
    • Социалан-экономикин
    • Шираламастан динан доьшийла
    • Малхбален мехкийн
    • Технологин
    • Энергин кхерамзаллин а, энергикхоайаран а
    • Москохан социалан а, экономикин а Ӏилманийн лакхара ишкол